Rejoignez la communauté :
  • tweetter
  • mail

“Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2024”

17-чу дийнахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь хIорашеран “Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2024” республикин конкурсан хьалхара къовсам дIабаьхьира. Конкурсехь дакъалоцуш вайн республикин ишколашкара нохчийн меттан а, литературин а 19 хьехархо ву. Конкурсан дакъалацархошка маршаллин дош олуш, дешархошна а, студенташна а йукъахь дIабаьхьинчу «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман жамIаш дарца уьш декъалбеш, вистхилира Дешаран а, lилманан а министр Дааев Буарин Хож-Бауди а, Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса а. Тахана хилла къовсаман зиэр “Хьехархочун васт” аьлла дара.
Кхана а, лама а “Урок”, цул тIаьхьа «Методикин пхьалгIа», “Классан сахьт” зиэраш кхочушдан дезара ду къовсаман декъашхойн.
Хьалхарчу шина (“Хьехархочун васт”, “Урок”) зиэрийн жамIаш дича, билгалвер ву 10 хьехархо. “Методикин пхьалгIа” йовзийтича, царах лакхара баллаш йолу 5 декъашхо схьакъастор ву. Конкурсан лехамашца нийса догIуш ма-хиллара, царна йукъахь хир ву хин волу толамхо а.

This collaborative platform was established to enable the community of the International Decade of Indigenous Languages (IDIL 2022–2032) to share events, activities, and resources. The content published on the platform is the responsibility of registered users and does not commit the Secretariat of the Decade (UNESCO) and/or the Members of the Global Task Force for Making a Decade of Action for Indigenous Languages. Please note that the platform has been inactive since February 2025 and no longer accepts new uploads. While work is underway to provide an updated solution, the Secretariat of IDIL 2022–2032 remains available for any inquiries at: indigenous.languages@unesco.org.