Rejoignez la communauté :
  • tweetter
  • mail

Семинар

2024-чу шеран кхолламан беттан 30-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум.
Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбарехь методически гӀо-накъосталла дар.
Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара
9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 50 хьехархо.
Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин центран куьйгалхочо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбек.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьар оьшуш а, мехала а гӀуллакх хилар.
Кхин дӀа, ПКЭ-н талламан лараран коьчалш тӀехь болх муха бан беза а гойтуш, семинар дӀайаьхьира Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.
Семинаран болх берзош, цуьнан декъашхоша деллачу дерриг а хаттаршна жоьпаш а луш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.