Нохчийн меттан олимпиадин регионан этап.
Тахана, кхолламан беттан 30-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дӀахьош йу 9–11-чуй классийн дешархошна йукъахь нохчийн меттан олимпиадин регионан этап. Олимпиадехь дакъалоцуш бу муниципальни этапан толамхой а, совгӀатхой а, ткъа иштта дӀадаханчу дешаран шарахь регионан этапехь 1-ра меттиг йаьккхина дешархой а.